БисмиллахIиррохь маниррохьийм!
Суна хала ду Ахьмад-Хьаьжех лаьцна дийца а, иза вайна юкъахь цахилар тIелаца а. Вайн халкъан кхане ирсе хилийтаран дуьхьа шен дахар дIаделла цо. Иза вайца вацара аьлла ца Iаш вай дагалоьцу цо дина гIуллакхаш а, цо дийцинарг а.

Соьлжа-ГIалахь даздаран хьолехь схьайиллира Нохчийн пачхьалкхан университетан 1-ра, 2-гIа корпус. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад, Правительствон Председателан хьалхара заместитель Тумхаджиев Iийса, иштта министерствийн, ведомствийн куьйгалхой, кхиберш.
Х1окху еарин дийнахь Соьлжа-ГIалин театран-концертийн залехь дIадаьхьира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна лерина йолчу, «Дашо пелаг» цIе йолчу журналистийн Дуьненаюкъарчу VIII-чу конкурсан толамхошна совгIаташ дар.
яра 10-чу апрелехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организашцешца йолчу зIенийн департаменто вовшахтоьхна йолу тренинг. Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедилларца, департаменто кечйина Нохчийн Республикин къона чкъор ийманехь кхетош-кхиоран Юкъара Концепци.


Кху шеран 23-чу августехь 62 шо кхочур дара Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун, нохчийн халкъан бакъонца тхьамда хилла волчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин (Дала декъала войла иза).
Хьомсара махкахой!
Поэт, яздархо Шайхиев Iалвади вина 66 шо кхачарна лерина даздарш хилира Замай-Юьртарчу юккъерчу школехь.
Казахстанан Актюбински районерчу Балыкчи юьртахь 1956-чу шарахь дуьнен чу яьлла Абдулаева Марем. Цхьа шо бен ца хилла цуьнан шайн доьзал Даймахка цIа боьрзуш. Дай баьхначу Шелан районерчу ЭгIашта баьхкира хIорш.
Кху деношкахь Теркан районерчу Лаха-Неврехь Нохчийн меттан денна лерина яздархошца цхьаьнакхетар хилира юьртарчу бахархойн. Кху юьртахь хьеший безаш хилар гуш дара, яздархой а, журналисташ а районерчу Культурин цІийне схьакхаьчча, хІусамдайша, дуьхьал а баьхкина, хазахетарца тІеэцарехь.
Цунна тоьшаллина дало масалш дукха ду. Карарчу шарахь дIаяьхьначу дешархойн республикански олимпиадехь нохчийн маттехула шолгIа меттиг яьккхира Даттахерчу юккъерчу школан 10-чу классан дешархочо Сайдалханова Миланас (хьехархо – Зубайраева Лариса).
Цига гулбеллачу Соьлжа-ГIалин политехнически техникуман студенташца цхьаьнакхийтира нохчийн халкъан яздархой Ахмадов Муса, Бексултанов Муса, «Орга» журналан коьртачу редакторан заместитель Алиева Зарина, Къоман библиотекин директор Хасмагомадов Эдалбек.
Цхьа эзар ах эзар километр геналле некъ. Туркойн мохк. Ца кхачочу тIемаша гIелбина а, хазачу хабарх Iехабелла а, маьршачу дахаре сатесна, шайн дайн латтанаш тесна дуьтуш, цига дIабахча, бусалба дин кIелхьара даккхалур ду, ларлур ду аьлла хетарна а, эзарнашкахь нохчаша юьхьарлаьцна, гIаш некъ бина мохк.
«Хазачу дашо лам баьккхина» – олуш, цхьа кица ду нохчийн. Ойла йича, кІорггера маьІна долуш ду и дешнаш. Хийла дика гІуллакх кхочушдина хазачу, шен меттехь догІуш аьллачу дашо: дов даьллачу нахана юкъахь маслаІат дина, галваьлла стаг нийсачу новкъа ваьккхина, барт ийгІинарш берта балийна, аьрха доьзалхо иймане валийна, кхин а, кхин а.
